صلاة التوبة والاستغفار
Тоба даран ламазан хьукм
Тоба даран ламаз дар суннат ду, диъ мазхIабан массо Iелам-нехан бартхиларца.
Тоба даран ламазан дозалла
Абу Бакара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Цхьа а стага цхьа къа латор дац, тIаккха ша и къа латийначул тIаьхьа хьала а гIаьттина цIано а йина (ламаз а эцна), тIаккха ламаз а дина, тIаккха АллахIе гечдар дехча, АллахIа цунна гечдина бен» ТIаккха цо дийшира хIара айат: ﴾(Шайна ялсамани лур йолу, Делах кхоьруш берш бу) шаьш цхьа вон хIума дича, йа шаьш шайна зулам дича, АллахI а хьахийна, шайн къинош гечдар дехнарш – ткъа АллахI воцучо кхин хьан гечдо къиношна – шайна (иза вон дуй) хуъушехь шаьш динчунна тIехь лаьтташ боцурш[﴿».[1
Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу айатан тафсир деш санна хьахийна и ламаз дар а, гечдар дехар а. Ткъа оцу айатан маьIнана тIехь ойла йича а, оцу хьадисан дешнаш тIехь ойла йича а девза вайна оцу ламазан дозалла: ахь латийначу къиношна гечдаран бахьана ду иза.
Тоба даран ламазан хан
Вайна ма-хаъара, къинойх тоба дар важиб ду, ткъа цхьамма къа латийнехь – доккханиг делахь, жиманиг делахь а – цо даггара дохко а ваьлла, тоба а дина, тIаккха тоба даран ламаз а дина, АллахIе шена гечдар дехахь, АллахIа гечдийр ду цунна, хьадисехь деана ма-дарра. Ткъа хIокху ламазан вуьшта кхин билгал йина хан яц, цундела муьлхха хенахь а дан мегаш ду иза.
Тоба даран ламазан куц
Цуьнан куц кхидолу ламазан куц санна ду, кхин хIумма а хийцалуш дац.
Тоба дар ламазал хьалха хилча дика ду, гечдар дехар а, тоба къобал дар дехар а ламазал тIаьхьа хилча дика ду, Дала Шен доьхьа ламаз дича жоп даларга герга долу дела.
Тоба даран ламазан ракаIаташ
Тоба даран ламаз дуьйцуш долчу хьадисашна юкъара дукхах долчу хьадисашкахь билгалдинарг ши ракаIат ду, ТIабаранийс дийцинчу цхьана хьадисеь диъ ракаIат а ду. Цундела, гIолий дерг ши ракаIат дар ду, луучо диъ дича а хIумма а дац.
[1] Иза дийцина Ахьмада а, Тирмизийс а, Абу Давуда а, Насаийс а, Ибн Маджас а, Ибн Хьиббана а, БайхIакъийс а.