Iакъикъат дер – хаттар, жоп

Articles Subject Information
Title: Iакъикъат дер – хаттар, жоп
Language: Chechen
The Writer: Адама Султана Олхазар
Addition Date: 2009-03-20
Short Link: http://IslamHouse.com/196576
Translation of Subject Description: Arabic
Attachments ( 1 )
1.
IАКЪИКЪАТ ДЕР (ХЬАКЪИКЪАТ ДЕР)
134.1 KB
Open: IАКЪИКЪАТ ДЕР (ХЬАКЪИКЪАТ ДЕР).pdf
Detailed Description

IАКЪИКЪАТ ДЕР

(ХЬАКЪИКЪАТ ДЕР)

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда Цуьнан Элчанна

Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.

 

1. Iакъи́къат бохучуьнан маьIна хIун ду?

Iакъикъат – Iаьрбийн маттахь «Iаккъа» бохучу дашахь схьадаьлла ду, цу дешан маьIна цхьа хIума хадор ду. Кхин а, Iаьрбийн маттахь «Iакъикъат» олу керла динчу беран коьрта тIера месех, хIунда аьлча дукха хан ялале уьш хадайой дIайоху дела.

Ткъа шарIехь «Iакъи́къат дер» бохучух лууш дерг – керла динчу берана тIера хьайба дер ду.

Вайн махкахь «хьакъи́къат» а олу цунах.

2. Iакъикъатан хьукм хIун ду?

Iакъикъат дер чIагIдина суннат ду. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – омру дина, беран ворхIолгIачу дийнахь цунна цIе а тилла, цуьнан корта дIа а баша, цунна тIера Iакъикъат а де аьлла.[1] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Хьасанна а, Хьусайнна а тIера ша́ дийна а хилла иза.[2]

3. Iакъикъат де́ран пайданаш а, хьекъале бахьанаш а хIун ду?

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ХIора бер шен Iакъикъатах доьзна ду. Цунна тIера иза доь цуьнан ворхIолгIачу дийнахь, (тIаккха) корта а бошу цуьнан, цIе а туьллу цунна».[3]

«ХIора бер шен Iакъикъатах доьзна ду» бохучу дешнийн маьIна Iелам-наха масийтта кепара дина, церах цхьадерг иштта ду:

- Нагахь санна и бер жима а долуш далар нислахь, цунна тIера Iакъикъат дийна ца хилахь цо тешалла дийр дац шен дена а, нанна а. Вуьшта аьлча, жималлехь деллачу беро шен дена-нанна шафаIат дар цунна тIера Iакъикъат дийна хиларх доьзна ду, Iакъикъат дийна хиллехь шафаIат дийр ду цо, ца хиллехь дийр дац.

- Бер массо баланех а, вонах а могуш-маьрша кхиар Iакъикъат дерах доьзна ду, Iакъикъат дийча маьрша кхуьур ду иза, хаза кхуьур ду, Iакъикъат ца дийча иштта ца кхиа мега.

- Ша санна долу кхидолу бераш санна и бер кхиар Iакъикъат дерах доьзна ду. Вуьшта аьлча, шена тIера Iакъикъат ца дийча, ша санна долу бераш санна ца кхиа мега и бер.

ТIаккха, Iакъикъат дерца и маьIнеш хиларал сов, кхин масийтта пайда а, хьекъале бахьана а ду цуьнца. Церах ду, масала:

1) Бер хилар а, иза зенах цIена дуьненчу далар а дена-нанна боккха кхаъ бу, цаьршинна дукха дезаш хIума а ду, АллахIа цаьршинна луш доккха ниIмат а ду. Иштта и бер шайна делла волчу АллахIана шукр дар а, Цуьнан доьхьа баркаллин Iамал йар а Цуьнца хаза гIиллакх хилар ду. Ткъа, «АллахIа доьхьа» аьлла ниййат а дина, Цуьнан цIе а йоккхуш, оцу берана тIера хьайба де́р – Цунна шукр дар а ду, Цо шайна дина ниIмат довзийтар а ду.

2) Iакъикъат ден а дийна, иза нахана дIасадекъча, керла дуьненчу даьлла бер нийса доьзалан бер дуй хуур ду, цуьнан да-нана мила ду хуур ду, иза нийса  цIийнах схьадаьлла дуй хуур ду.

3) Iакъикъат де́ро́ адаман комаьршалла совйоккху, цуьнан сих ийна йолу сутаралла дIайоккху.

4) Iакъикъат деро гергарчу нахана а, лулахошна а, доттагIашна а юкъара гергарло чIагIдо, мискачу нехан дагчу хазахетар доуьйту; иштта, бусалба нахана юкъахь безам совбаларан бахьана хуьлу цунах.

4. Iакъикъат ден везарг мила ву? Хьан ден деза иза?

Берана тIера Iакъикъат ден везарг оцу беран доладийриг ву, цунна напха латто везарг ву, иза кхаба дезарг ву. Уггар хьалха да ву иза, иза вацахь де-да ву, йа де-ваша ву, йа ваша ву, иштта кхидIа а.

5. Iакъикъат маца ден мега? Маца дийча дика ду?

Iакъикъат ден магаран хан дIайолало бер шен ненах дерриге дIа ма-къаьсттинехь. Доьххьара бер дуьненчу до́луш, иза шен ненах дерриге дIакъаьстина а даьлла дуьненчу даьлчи Iакъикъат ден мега.

Беран доладархочо Iакъикъат ден мегаш йолу хан и бер кхиъна даллалц ю. Вуьшта аьлча, кIант пхийттара валлалц а, йоI ламазана цIанйала езаш хуьлучу хене кхаччалц а ден мега иза цо.

Ткъа суннат дерг, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ма-аллара, Iакъикъат ворхIолгIачу дийнахь де́р ду: «… цуьнан ворхIолгIачу дийнахь доь иза цунна тIера, тIаккха корта дIа а бошу цуьнан».[4]

Бер дуьненчу даьлла долу де а оцу ворхI дийнах лоруш ду, цундела, Iуьйра хан хиллачул тIаьхьа маьркIижа хан хиллалц йолчу юкъахь бер дуьненчу да́лахь, и де доьххьара де лоруш ду. Нагахь санна бер буьйсанна дуьненчу даьллехь, доьххьара лара деза де цу буьйсанал тIаьхьа догIург ду.

6. Буьсанна ден мегий Iакъикъат?

Iакъикъат буьйсанна ден а мега, буьйсанна дийча а вон хIума дац, делахь а, дийнахь дер гIолий ду. Ткъа, дийнахь дуьйш хилча, уггар гIолий йолу хан де дIадолалуш йолу хан ю.

7. Бер дуьненчу да́лале дийча нийса хуьлий Iакъикъат?

Бер дуьненчу далале хьалха, йа иза дерриге шен ненах схьакъастале хьалха цунна тIера хьайба дийча, иза Iакъикъат ца лору, цуьнан Iакъикъатан суннат тIерадаьлла а ца лору.

8. ВорхIолгIа де кхачале хьалха, йа кхаьчначул тIаьхьа деллачу берана тIера Iакъикъат ден мегий?

Нагахь санна цхьа бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа далар нислахь, хуьлийла иза цуьнан ворхI де кхачале, йа кхаьчначул тIаьхьа, цунна тIера Iакъикъат дер дика лоруш ду, мелехь лоруш ду.

9. ВорхIолгIачу дийнахь Iакъикъат ден таро яцахь хIун дан деза?

Iакъикъат ден таро йоццушехь иза де́н гIертар тIехь дац, вай доьххьара ма-аллара иза чIагIдина суннат ду, важиб дац. Цундела, шен таро хиллалц собар дийр ду шен хенахь иза де́н аьтту боцучо.

10.  Бер кхиъна даьллачул тIаьхьа, иза пхийттара даьллачул тIаьхьа, жималлехь цунна тIера Iакъикъат дийна ца хиллехь, цо ша́ ден мегий иза шена тIера?

Мега. Жималлехь шена тIера Iакъикъат дийна ца хиллехь, иза ша́ шена тIера де́р дика лоруш ду.

11. Iакъикъатана ден мегарг муьлха хьайба ду?

Iакъикъатана ден мегаш долу хьайба йа уьстагI, йа бежана, йа эмкал ю. Юьйриг эмкал елахь, иза ялхолгIачу шаре яьлла хила еза. Бежана дуьйш хилахь, иза ши шо а кхаьчна, кхоалгIачу шаре даьлла хила деза. УьстагI буьйш хилахь, иза цхьа шо а кхаьчна, шолгIачу шаре баьлла хила беза, йа шо кхачаза берг белахь берстина а болуш, хьалхара цергаш охьаэгна хила беза.

ТIаккха, Iакъикъат дер – гIурба дер санна – АллахIана герга вуьгучу некъех цхьа некъ бу, иза Цуьнан доьхьа дуьйш ду, цундела жижигана иэшам беш долу сакхташ хила мегар дац Iакъикъатана а, гIурбанна дуьйчу хьайбанца. Цхьана бIаьргана са гуш доцу хьайба а мегар дац Iакъикъатана, жижигана иэшам бен цамгар йолу хьайба а мегар дац, кхечерах къасточу кепара астагIа долу хьайба а мегар дац, дажа а ца дежаш цхьана метта хьийзаш долу хьайба а мегар дац, чIогIа аздалар бахьана долуш тIум дIаяьлла хьайба а мегар дац. Иштта оцу сакхташца дуста деза кхидолу сакхташ, жижигана иэшам а хуьлуьйтуш, аз а доьлуьйтуш долу. Лерган цхьа дакъа хадийна дерг а, йа дерриге лерг дIахадийна дерг а, лерг доцуш дуьненчу даьлларг а мегаш дац, дуьмах цхьа дакъа хадийнарг а, дум дIабаьккхинарг а, цIоганах цхьа дакъа хадийнарг а мегаш дац. Амма даьIна хьайба а, маIа кагйелла хьайба а, дум а, шим а боцуш дуьненчу даьлла хьайба а – уьш мегаш ду.

12. Котам а, бад а е́н мегий Iакъикъатана?

Iакъикъатана де́н мегаш долу хьайба гIурбанна мегаш дерриг бен дац, цундела котам а, бад а, кхийолу хIуманаш а Iакъикъатана е́р нийса дац, йа цунах Iакъикъат хуьлуш а дац. Iакъикъатана мегаш долу хьайба де́н таро йоцучунна Iакъикъат де́р суннат дац, ишттачунна и суннат тIера долуш ду, шен таро хиллалц ца де́н а мегаш ду иза.

13. Iакъикъатана дуьйш долу хьайба стен хилча а, борша хилча а башхула юй?

Башхула яц. Шена луучо ка бе́н а мегар ду, шена луучо жий бе́н а мегар ду. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «КIантана тIера ши уьстагI боь, йоIана тIера цхьаъ боь. Башхула яц шуна, уьстагIий кой хилча а, жий хилча а».[5]

Нагахь санна берстина а, дика а белахь, ка бийча гIолий ду.[6]

14. КIантана а, йоIана а тIера цхьатерра доьй Iакъикъат?

Iакъикъатана цхьа уьстагI бийча суннат кхочуш хуьлу, кIантана тIера буьйш белахь а, йоIана тIера буьйш белахь а. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iакъикъат дийра Хьасанна а, Хьусайнна а тIера цхьацца уьстагI».[7]

Делахь а, гIолий а, деза а, мелехь а дерг божаберана тIера ши уьстагI бер ду, зудаберана тIера цхьаъ бер ду.

Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шайна омру дира аьлла: «КIантана тIера цхьатерра ши уьстагI бе, йоIана тIера цхьа уьстагI бе».[8]  

15. Масийтта берана тIера цхьа уьстагI бийча тоьаш дуй?

Масех берана тIера цхьа уьстагI бийча Iакъикъатан суннат кхачаме ца хуьлу, тоаме ца хуьлу. Муххале а, суннат дерг – хIора берана шена-шена тIера Iакъикъат дер ду. Масала, дуьненчу даьлларг шала дина йоI-кIант делахь, уггар деза дерг кхо уьстагI бер ду: кIантана тIера шиъ, йоIана тIера цхьаъ; делахь а суннат кхочуш хуьлу цаьршинна тIера цхьацца буйьш ши уьстагI бийча а.

16. Iакъикъатана юьйш ерг эмкал, йа бежана хилча, цхьана берана тIера мас да́къа тоьаш ду?

ГIурба дуьйчу хенахь санна, цхьанна тIера ворхIолгIа дакъа лара деза. Масала, ворхI стага шайна юкъахь бежана доьйтуш хилча, Iакъикъат ден луург цаьрца декъах а вахана, цуьнан цхьа дакъа Iакъикъатана лерича мегаш ду, йа ворхI берана тIера цхьа бежана дийча а мегаш ду.

17. Iакъикъатана а, гIурбанна а цхьа уьстагI бийча тоам буй?

Iакъикъатана а, гIурбанна а юкъахь цхьа хьайба дийча и ши суннат кхочуш ца хуьлу, хIунда аьлча и шиъ къаьстина ши суннат долу дела, хIоранне а шен-шен бахьана а долуш. Цундела, Iакъикъатана а, гIурбанна а цхьа уьстагI бийча тоам бац. Шен аьтту белахь Iакъикъатана къаьсттина шен хьайба ден деза, гIурбанна къаьсттина шен хьайба ден деза.

18. Iакъикъатана хьайба а ца дуьйш, цуьнан меттана цуьнан мах дIабалар муха ду?

Iакъикъатана хьайба дер гIолий а, деза а, мелехь а ду, хIунда аьлча иштта хьайбанна урс хьакхарца мах дIабаларца до́цу дуккха а пайданаш ду. Кхин хIумма а ца хилча а, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша шен куьйга урс хьокхуш Iакъикъат дийна хилар а, цуьнан и суннат даим латтор а, иза дендар а тоам болуш ду Iакъикъатана мах дIа а ца луш, хьайба дийча гIолий хиларна.[9] Имам Нававийс аьлла: «Iакъикъатан мах дIабаларал гIолий ду хьайбанна урс хьакхар».[10]

19. Iакъикъат доьйтург вехаш волчу махкахь а доцуш, кхечу махкахь дейта мегий цо иза?

Мега. Масала, Iакъикъат доьйтург европера цхьана пачхьалкхехь ву, йа Iаьрбийн цхьана махкахь ву, тIаккха шен беран Iакъикъат нохчийчохь дейта лаьа цунна – цунна мегаш ду нохчийчохь цхьаъ векал а вина, Iакъикъат ден цунна пурба а делла, цигахь иза де́йта.

20. ВорхIолгIачу дийнахь доьххьара Iакъикъат дийча гIолий ду, йа беран корта баьшча гIолий ду?

ГIолий дерг, дика дерг – цкъа доьххьара берана тIера Iакъикъат а дийна, тIаккха корта башар ду.

Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хIара хьадис: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iакъикъат дийра Хьасанна а, Хьусайнна а тIера цаьршинан ворхIолгIачу дийнахь, цаьршинна цIе а тиллира цо, цаьршинан коьрта тIера зене месаш дIаяха а элира».[11] Кхечу хьадисехь а деана ду: «… цуьнан ворхIолгIачу дийнахь доь иза цунна тIера, тIаккха корта дIа а бошу цуьнан».[12] 

21. Iакъикъат дуьйш волчо ниййат муха дан деза? ХIун ала деза цо?

Iакъикъат дуьйш волчуьнан, «оцу берана тIера Iакъикъатана и хьайба ден» аьлла лаам хила беза дагчохь. Вуьшта аьлча, Iакъикъат ден ниййат хила деза цуьнан.

ТIаккха, ша урс хьокхучу хенахь хIара дешнаш алар дика ду:

"بسم الله! اللهم منك وإليك، هذه عقيقة ......"

«Бисмилла́хI! Алло́хIумма минка ва илайка. ХIа́зихIи́ Iакъи́къату ...... ». Цу дешний маьIна иштта ду, Iаьрбийн маттахь уьш ала ца хуучо хIара маьIна ала а мегар ду: «АллахIан цIарца! Йа АллахI, хIара хьенехан Iакъикъат ду, хIара Хьан доьхьа а ду, Хьоьга а ду!». Iаьрбийн маттахь долчу дешнийн чаккхенехь хIиттийначу тIадамийн меттана а, хьенехан дешан меттана а шена тIера Iакъикъат дуьйш долчу беран цIе йоккхур ю, йа цуьнан де цIе а яьккхина – «хьенехан  кIентан (йа йоьIан) Iакъикъат ду» – эр ду.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Аш ала: АллахIан цIарца! АллахI сов воккха ву! ХIара (Iакъикъат йа АллахI) Хьан доьхьа а ду, Хьоьга а ду!».

Нагахь санна вицвелла, йа цхьана кхечу бахьанийна Дела цIе ца яккхахь, йа и дешнаш алар ца нислахь, Iакъикъат нийса а ду, даа мегаш а ду.

22. Iакъикъатана дийначу хьайбанан цIий берана юьхь тIе а, дегIа тIе а хьакхар муха ду?

Iакъикъатана дийначу хьайбанан цIий берана тIе хьакхар дика хIума дац, иза дан оьшуш дац, дукхах болчу Iелам-наха дика лоруш а дац.

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: Iантана тIера Iакъикъат доь, цуьнан коьрта тIе (оцу Iакъикъатан) цIий а ца хьокху".[13] Кхечу хьадисехь а деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – беран коьртах цIий хьакхар ца магийна аьлла.[14] IаишатаДела реза хуьлда цуннадийцина, бусалба дин да́ле́ хьалха, Iакъикъатан цIий юккъе бамба а Iуттий, иза беран коьрта тIе хьокхуш хиллера аьлла. ТIаккха, бусалба дин деъча, ПайхамараДелера салават а, салам а хуьлда цуннацIий меттана IатIар хьакха элира.[15]  

23. Iакъикъатана дийначу хьайбанах хIун дан деза?

Iакъикъатана дийначу хьайбанна гIурбанна дийначуьнах дийрриг дан деза.

Iакъикъат дейтинчара шайна луъучул шайна дита мегаш ду цуьнан жижиг, нагахь санна цунах цхьадерг сагIийна дIалур делахь. Ткъа деза а, мелехь а дерг дукхах дерг сагIийна дIадалар ду, цуьнан беркатан дакъа шена а кхачийтархьама цхьа кIеззиг долу дакъа шена а дитина.

Шена лаахь, иза кхаа декъе декъа а декъна, цхьа дакъа шена дита а, важа дакъа мискачарна сагIийна дала а, важадерг шена бевзачарна а, лулахошна а, гергарчарна а дала а мегар ду цо, хIара тIаьххьаранаш миска бацахь а. Мискачарна сагIийна делларг шайна лаахь дохка а, шайна луъург дан а йиш ю церан цунах, ткъа хьолахошна делларг – иза царна даа делла ду, сагIийна делла дац, цундела цара иза дохка мегар дац.

ТIаккха, ша дIалуш долу жижиг кхехка а дина делча дика ду, делахь а буьйда долуш дала а мегаш ду.

ТIаккха, цуьнан жижиг нахана дIасадалар дика ду, шена лаахь нах шен хIусаме схьа а кхайкхина, цунах йина яахIума йала а мегаш ду. Иштта мегаш ду цхьадерг дIасадала а, цхьадолчунах яахIума а йина шен хIусаме нах схьакхайкха а.

Кхин а, шена тIера Iакъикъат дийна долу бер дуьненчу долучу хенахь иза схьаэцначу лоьрана уьстагIан гIогI йа тIа далар дика ду, нагахь санна иза тIекхочехь елахь.

24. Iакъикъатан цIока а, и санна долу кхидолу да́къош а дохка мегий?

Ца мега, Iакъикъатан цхьаъа да́къа дохка ца мега, йа цунна урс хьаькхначунна механа дала а ца мега. Шена лаахь сагIийна йала мегар ду цуьнан цIока а, цуьнан кхидолу да́къош а, йа шена лаахь шена пайденна йита а мегар ду.


[1] Тирмизий.

[2] Абу Давуд.

[3] Ахьмад, Абу Давуд, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI.

[4] Хьажа: "ТIорхьут-Тасри́б", 697; "Фатхьул-Ба́ри́", 9596; "Файдул-Къоди́р", 4546.

[5] Абу Давуд, Тирмизий, Насаий.

[6] «ТIорхьут-Тасри́б», 6/99, Хьафиз Ал-Iиро́къий; «Ахькамул-IакъикъахI», 21, Шейх Хьусáмуд-Ди́н IаффáнахI.

[7] Абу Давуд.

[8] Тирмизий.

[9] «Ахькамул-IакъикъахI», 22, Шейх Хьусáмуд-Ди́н IаффáнахI.

[10] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I», 8/433.

[11] Хьаким.

[12] Хьажа: "ТIорхьут-Тасри́б", 697; "Фатхьул-Ба́ри́", 9596; "Файдул-Къоди́р", 4546.

[13] Ибн МаджахI.

[14] "Фатхьул-Ба́ри́", 9594.

[15] Ибн Хьиббан, БайхIакъий.

 
Related Topics ( 1 )
Go to the Top