การเชือดอุฎหิยะฮฺ

บทความ การ์ดของข้อมูล
หัวข้อ: การเชือดอุฎหิยะฮฺ
ภาษา: เชชเนีย
ผู้เขียน: อัลคะซูร บิน สุลฏอน อัลชีชานีย์
เผยแพร่โดย: www.dinulislam.net
คำอธิบายโดยย่อ: ถาม-ตอบปัญหา การเชือดอุฎหิยะฮฺ
วันที่เพิ่ม: 2007-09-22
ลิงก์แบบย่อ: http://IslamHouse.com/54836
:: หัวข้อนี้ถูกจัดอยู่ในหมวดหมู่ต่อไปนี้ ::
คำแปลของการ์ดข้อมูลในภาษาต่างๆ: เชชเนีย - อาหรับ - เบ็งกอล - บอสเนีย - อุซเบก - มาลายาลัม - อังกฤษ - ตุรกิช
ไฟล์แนบพร้อมข้อมูล ( 2 )
1.
ГIУРБА ДЕР
216.3 KB
: ГIУРБА ДЕР.pdf
2.
ГIУРБА ДЕР
1.2 MB
: ГIУРБА ДЕР.doc
คำอธิบายโดยละเอียด

1ГIурба дер бохург хIун ду?

ГIурба – иза лекха хинволчу АллахIана герга вахархьама, Iийд-дийнахь дуьйш долу хьайба ду – эмкал, йа бежана, йа уьстагI, йа газа.

2 – ГIурба деран тешалла хIун ду?

ГIурба деран тешалла Къуръана тIера айат а ду, Суннатера хьадис а ду. Лекха хинволчу АллахIа бах:  ×Ткъа ахь хьайн Делана ламаз а де, (гIурбанна) урс а хьакхаØ (Сурат «Ал-Кавсар» 2 айат). Имам Тирмизийс дийцина, Ибн Iумарера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба наха а гIурба дийра аьлла.

3 – ГIурба дер мел деза, мел мелехь ду?

Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аььал: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ГIурбанан дийнахь, Адаман кIанта йийр йолчу Iамалех АллахIана уггар дукха езарг – (гIурбанна урс хьокхуш) цIий Iанор ю. Бакъдолуш, къемат дийнахь иза догIур ду (ша ма-дарра), шен маIашца, шен месашца, шен бергашца, (оцу хIора меженаца цунна мел хуьлуш). АллахIа къобал до цо Iанийна цIий, иза лаьтта охьа а дожале. Цундела, аш и (гIурба) доьйла шайн цIенчу даггара, и дер дика хеташ».[1]

4 – ГIурба деран хIун хьукм ду?

ГIурба дер чIагIдина суннат ду, важиб дац, делахь а шен ницкъ кхочург иза ден хьажа веза, хIунда аьлча Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Мединатехь даьккхинчу итт шарахь хIоразза а гIурба дуьйш хилла дела.[2] Ткъа иза важиб доцуш, чIагIдина суннат хилар гойту, Ибн Iумаре – Дела реза хуьлда цунна – «иза важиб дуй?» аьлла хаьттича, цо – «Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба наха а дийра гIурба» - аьлла жоп даларо, важиб ду а ца олуш.[3] Кхин а, «иза суннат а ду, дика а ду» а аьлла цо – Дела реза хуьлда цунна.[4]

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шен гIурба ден аьтту а болуш гIурба дуьйр доцург тхан ламазан-чоьнна герга ма вогIийла».[5]

Цундела, доьзалахь цхьамма дийча суннат массарна а тIера долу, цхьана доьзалехь цхьамма а ца дуьйш дитар дика дац.

Бакъду, шина хьолехь важиб хуьлий тIедужу гIурба дер:

Хьалхара хьал: Шен цхьана даьхни юкъара гIурбанна ден мегаш долчу хьайбанна цIе тоьхча, масала – «хIара уьстагI гIурбанна буьйр бу ас» - аьлла цхьа уьстагI билгалбича, и уьстагI бер важиб хуьлу цунна тIехь.

ШолгIа хьал: «АллаIха доьхьа ас сайна тIелеци гIурба дер» - аьлла, йа и маьIна долчу цхьана кхечу дешнашца, цхьаммо шена гIурба дер тIелацахь, важиб хуьлий тIедужу цунна иза.

5 – ГIурба дер хьанна ду суннат? Хьан ден деза иза?

ГIурба ден деза хIара кхо биллам шеца кхочуш хиллачо:

1) Бусалба хилар. Бусалба воцучуьнга гIурба де олуш дац.

2) Кхиъна ваьлла а, хьекъал долуш (шен кхетамехь волуш) а хилар.

3) Ницкъ кхочуш хилар. Ницкъ кхочуш лору, нагахь санна шена а, ша кхаба безачарна а, Iийд-дийнахь а, цул тIаьхьа долчу кхаа дийнахь тоьъачул – юучунна-молчунна а, духарна а, хIусамна а – даьхни делахь, тIаккха цул совнаха гIурба эццал ахча хилча.

6 – ГIурба хIун маьIна долуш дуьйш ду?

Уггар хьалха хаа деза, гIурба дер Iибадат хилар, цундела вайна довза тарлуш долу цуьнан маьIнаш массо а Iибадатн маьIнел тIаьхьа догIуш ду, ткъа муьлхха а Iибадатан маьIна – АллахIана муьтIахь хилар гайтар, Цо аьлларг къобал дар гайтар, Цо аьллачунна реза хилар гайтар, адамо ша Цуьнан лай хилар гайтар ду.

И муьлхха а Iибадатца долу коьрта маьIнел тIаьхьа, гIурба деран бахьанех а, маьIнех а ду ИбрахIим-пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  Дала шен кIантана урс хьакха аьлла тIедожорца зийначул тIаьхьа, Цо цунна цхьа боккха ка белла хилла гIурбанна бен, цуьнан кIентан метта бен, тIаккха и ка бийна цо гIурбанна. Цо и доккха гIурба дер карладоккхуш доь вай а и гIурба, цунах тарлуш, цуьнан некъаца некъ лоцуш.

Цул совнаха, Iийд-де массо бусалба нехан деза де ду, цундела цу дийнахь массо бусалба нах цхьатерра самукъане хилар кхочушдарна гIо а ду гIурба дерца, цуьнан жижиг мискачарна а, хьашт долчарна а дIадаларца, шен доьзална а, охIлунна а цу дийнахь хазахетийтарца. Ткъа иштта и сагIа делча, бусалба юкъараллин барт чIагIло, бусалба нехан гергарло а, вежаралла а чIагIло, царна юкъахь даьржа шаьш цхьа бусалба нах хиларан маьIна.

7 – Муьлха хьайба ден мега гIурбанна?

ГIурбанна ден мегаш долу хьайба кхоъ бен дац: йа эмкал, йа бежана, йа уьстагI – уьстагIашна юкъайогIу гезарий а. Ткъа церах йийча уггар деза дерг эмкал ю, тIаккха бежана ду, тIаккха уьстагI-газа ю.

ХIун билламаш кхочуш хила беза гIурбанна дуьйчу хьайбанца?

Хьалхара биллам хан ю: Эмкал ялхолгIачу шаре яьлла хила еза. Бежана а, газа а ши шо а кхаьчна, кхоалгIачу шаре даьлла хила деза. УьстагI цхьа шо а кхаьчна, шолгIачу шаре баьлла хила беза, йа шо кхачаза белахь а, берстина а болуш, хьалхара церагш охьаэгна хила беза.

ШолгIа биллам сакхт ца хилар бу: ГIурбанна дуьйш долу и кхо хьайба – эмкал, бежана, уьстагI-газа – шайн жижигана иэшам беш долу сакхташ доцуш хила деза. Цундела, цхьана бIаьргана са гуш доцу хьайба а мегар дац, жижигана иэшам бен цамгар йолу хьайба а мегар дац, кхечерах къасточу кепара астагIа долу хьайба а мегар дац, дажа а ца дежаш цхьана метта хьийзаш долу хьайба а мегаш дац, чIогIа аздалар бахьана долуш тIум дIаяьлла хьайба а мегаш дац. Иштта оцу сакхташца дуста деза кхидолу сакхташ а, жижигана иэшам а хуьлуьйтуш, аз а доьлуьйтуш долу. Кхин а, лерган цхьа дакъа хадийна дерг а, йа дерриге лерг дIахадийна дерг а, лерг доцуш дуьненчу даьлларг а мегаш дац, дуьмах цхьа дакъа хадийнарг а, дум дIабаьккхинарг а, цIоганах цхьа дакъа хадийнарг а мегаш дац. Амма даьIна хьайба а, маIа кагйелла хьайба а, дум а, шим а боцуш дуьненчу даьлла хьайба а – уьш мегаш ду.

ГIурба механа дезаниг мел дий гIолий ду, уггар тоьлларг дер а гIолий ду.

8 – Мас стага мел хьайба дийча кхочуш хуьлу гIурба дер?

Цхьана стага цхьа уьстагI, йа цхьа газа йийча гIурба кхочуш хуьлу, цунна тIера а, цуьнан доьзална тIера а, вай лакхахь ма-аллара. Эмкал а, бежана а ворхI стага юкъахь дийча кхочуш хуьлу. Жабира – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Оха урс хьаькхира Делан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Хьудайбийатехь, цхьана эмкална ворхIанна тIера, цхьана бежанна а ворхIанна тIера».[6]

9 – ГIурба деран хан хIун ю? Маца доь иза?

ГIурба деран хан Iийд-дийнахь Iийд-ламаз дичахьана дуьйна, Iийд-дийнал тIаьхьадогIучу кхаа дийнан тIаьхььарчу дийнахь малх чубуззалц йолу хан ю. Вуьшта аьлча, Iийд-дийнахь Iуьйранна малх хьалабаьллачул тIаьхьа, ши ракаIат ламаз а, жима ши хутIба а далла йолу хан яьлча дIйолаелла, Iийд-дийнал тIаьхьа долчу кхаа дийнах тIаьххьарчу дийнахь малх чубуззалц йолу юкъ гIурба деран хан ю. Iийд-ламаз динчул тIаьхьа, оцу диъ дийнахь муьлхха хенахь а ден мегаш ду иза, делахь а Iийд-ламазал тIаьхьа дийча гIолий ду. Амма Iийд-ламазал хьалха цхьана хьайбанна урс хьакхьахь – иза гIурба лоруш дац, шен доьзална даа жижиг ду цо дийнарг, гIурбанан маьIна дац цуьнца. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «(Iийд-)ламазал хьалха урс хьаькхначо шена (жижигана) хьаькхна, (Iийд-)ламазал а, шина хутIбатал а тIаьхьа урс хьаькхначо шен хьадж кхочуш а дина, бусалба нехан суннатца а нисвелла иза».[7]   

Буьйсанна урс ца хьакхар дика ду, хьакха дезаче ца хьокхуш галвала а, шен куьйгах хьакха а кхерам болу дела, жижиг буьйда доллуш дIадекъа а ларор воцу дела, амма иштта и кхерам а бацахь, жижиг сихха дIасадекъа ларор а велахь буьйсанна дийча а хIумма а дац.

10 – ГIурбанна урс хьокхуш дан дезаш а, дича дика долу а хIуманаш хIун ду?

Урс хьокхучу хенахь дан дезаш а, дича дика долу а хIуманаш хIорш ду:

1) Шега хьакхалахь шен гIурбанна ша урс хьакхар дика ду, шега урс ца хьакхалахь, хьокхучу хенахь уллохь хилар а дика ду.

2) Ниййат дар. Дуьйш дерг ша хаьлха цIе тоьхна долу хьайба дацахь, урс хьокхучу хенахь ниййат дан деза гIурба ден. Нагахь санна ша гIурба цхьаьнга кхечуьнга доьйтуш делахь, иза ша векил вечу хенахь ниййат дан деза, йа иза урс хьакха волалуш ниййат дан деза. 

3) АллахIан цIарца хьакхар. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша шен гIурба дуьйчу хенахь аьлла: «БисмиллáхI» - «АллахIан цIарца!».[8] Нагахь санна вицвелла, йа цхьана кхечу бахьанийна Дела цIе ца яккхахь, гIурба нийса ду, даа мегаш а ду, Делан цIе яккхар суннат ду.

4) Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллар дика ду, кхечу ишттачу меттигашкахь дилларе терра.

5)  Хьайба къилбехьа дерзор а дика ду, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша хьайба дуьйчу хенахь иза къилбехьа дерзийна дела.[9]

6) Такбир дича а дика ду, масала иштта: «БисмиллáхIи, АллóхIу акбар». Анаса дийцинчу хьадисехь ду: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – гIурбанна ши ка бийра, цаьршинан агIона тIе ког а биллина, АллахIан цIе а йоккхуш, такбир а деш». [10]

7) ГIурба къобал де аьлла доIа дича а дика ду, масала иштта: «АллóхIумма хIáзá минка ва илайка, фатакъоббал миннú» - «Йа АллахI! ХIара Хьоьгара а ду, Хьоьга а ду, къобал де Ахь соьгара!».[11] Цунна тешалла ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша гIурбанна урс хьокхучу хенахь – «АллáхIан цIарца! Йа АллахI! Къобал де Ахь Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунгара а, Мухьаммадан умматера а!» - элира аьлла деана долу хьадис.[12]

11 – ГIурба дийначул тIаьхьа, хIун до цунах?

Нагахь санна дийна долу гIурба важиб дерг хиллехь – вай, лакхахь гIурба деран хьукм дуьйцуш хьахийначу шина хьолехь дерг – и гIурба дийначунна а, цо кхаба безачарна а мегаш дац оцу кепара долчу гIурбанах шайна цхьаъа хIума яа. Нагахь санна цара цунах цхьа хIума яахь, оцу хIуманан мах тIебужу царна, йа шаьш йиинарг санна йолу хIума дIайалар тIедужу царна.

Нагахь санна дийнарг суннат гIурба хиллехь – цунна мегаш ду цунах шена луъучул даа, нагахь санна цхьадерг сагIийна дIалур делахь. Делахь а, мелехь дерг, цуьнан беркатан дакъа шена а кхачийтархьама шена цхьа кIеззиг долу дакъа а дитина, дукхах дерг сагIийна дIадалар ду. Шена лаахь, иза кхаа декъе декъа а декъна, цхьа дакъа шена дита а, важа дакъа мискачарна сагIийна дала а, важадерг шена бевзачарна а, лулахошна а, гергарчарна а дала а мегар ду цо, хIара тIаьххьараниш миска бацахь а; ткъа мискачарна сагIийна делларг цара шайна лаахь дохка а, шайна луъург дан а йиш ю церан, амма хьал долуш болчарна делларг – иза царна даа делла ду, сагIийна делла дац, цундела цара иза дохка мегар дац.

12 – ГIурба дийначо, йа дейтинчо, гIурбанан цIока дIайохка мегий?

Ца мега, иза йохка а ца мега, йа гIурбанна урс хьаькхначунна механа йала а ца мега. Шена лаахь иза сагIийна йала а мегар ду цо, шена лаахь ша шена пайденна йита а мегар ду.

13 – Цхьана меттехь дийначу гIурбанан жижиг кхечу метте дIадахьа мегий?

Нагахь санна гIурба дийначу меттехь цуьнга хьашт долуш миска нах белахь иза дIадахьар дика хир дац, нагахь санна цигахь болчу мискачу нахана тоам боллуш дайъина гIурбанаш делахь, совдаьлларг кхечу метте а, кхечу махка а дIадахьа мегар ду.[13]    

14 – ГIурба дерца доьзна долу коьрта суннаташ хIун ду?

- Зул-ХьидджахI беттан хьалхара итт де дIадоладелча, гIурба ден лууш волчунна суннат ду шен цхьаъа а мас а, мIара а ца хадор, ша гIурба дийна валлалц. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зул-ХьидджахI бутт болалуш (стиглахь) шайна бутт гича, шух цхьаъ гIурба ден лууш хилахь, шен мIара а, шен мас а ма хадайойла цо».[14]

- Бусалба нехан паччахьна суннат ду, бусалба нехан «байтул-мáл» (даьхни-цIа) юкъара, бусалба нахана тIера гIурба дер. Муслима дийцинчу хьадисехь ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – гIурбанна цхьа ка бийра аьлла, иза буьйчу хенахь хIара а олуш: «АллахIан цIарца! Йа АллахI! Къобал де Ахь Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунгара а, Мухьаммадан умматера а!». Цо и гIурба, адамаш Iийд-ламазана гуллучу меттехь (ламазан чоьна а, маьждигна а уллохь) дийча дика ду, ша цунна урс хьаькхча а дика ду.



[1] Тирмизи.

[2] Тирмизи, Ахьмад.

[3] Тирмизи.

[4] Бухари.

[5] Хьаким.

[6] Муслим, Абу Давуд, Тирмизий, Ибн МаджахI.

[7] Бухари, Муслим.

[8] Бухари, Муслим.

[9] Ибн Маджас дийцинчу хьадисехь ду иза, и хьадис гIийла ду, делахь а, Ибн Iумарна – Дела реза хуьлда цунна – ша хьайбанна урс хьокхуш иза къилбехьа дерзор дика хетара аьлла деана ду, кхин а, Имам Iабдур-Раззáкъа дийцина нийсачу иснадаца, Ибн Iумарна – Дела реза хуьлда цунна – къилбехьа ерзоза йийна йолу хIума дика ца хетара аьлла, Шейх ал-Албанийс «Манáсикул-Хьадджи вал-IумрахI» тIехь ма-аллара.

[10] Бухари, Муслим.

[11] Iакъикъатана урс хьокхучу хенахь иза алар деана хьадисехь, Ибнул-Мунзира а, Абу ЙаIлáс а, Ал-Баззáра а дийцина долчу. Кхин а, цунах терра долчу дешнашца иза дийцина Имам БайхIакъийс «Ас-Сунан Ал-Кубрó» тIехь а, «ШуIабул-Ийман» тIехь а, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – гIурба дуьйчу хенахь иза элира аьлла.

[12] Муслим, Абу Давуд.

[13] Иза мегаш хилар нийса леринчех ву Имам Такъиййуд-Дúн Ал-Хьисний, «Кифáйатул-Ахйáр» тIехь.

[14] Муслим.

 
Go to the Top