ความประเสริฐของเดือนมุหัรรอม และวันอาชูรอ

บทความ การ์ดของข้อมูล
หัวข้อ: ความประเสริฐของเดือนมุหัรรอม และวันอาชูรอ
ภาษา: เชชเนีย
ผู้เขียน: อัลคะซูร บิน สุลฏอน อัลชีชานีย์
เผยแพร่โดย: www.dinulislam.net
คำอธิบายโดยย่อ: ความประเสริฐของเดือนมุหัรรอม และวันอาชูรอ
วันที่เพิ่ม: 2007-09-22
ลิงก์แบบย่อ: http://IslamHouse.com/54831
:: หัวข้อนี้ถูกจัดอยู่ในหมวดหมู่ต่อไปนี้ ::
คำแปลของการ์ดข้อมูลในภาษาต่างๆ: เชชเนีย - อาหรับ - เบ็งกอล - บอสเนีย - อุซเบก - มาลายาลัม - อังกฤษ - ตุรกิช
ไฟล์แนบพร้อมข้อมูล ( 2 )
1.
МУХЬАРРАМ БАТТАХЬ А, ЦУ БЕТТАН ИТТОЛГIАЧУ (IАШУРАЪ) ДИЙНАХЬ А МАРХА КХАБАРАН ДОЗАЛЛА
160.7 KB
: МУХЬАРРАМ БАТТАХЬ А, ЦУ БЕТТАН ИТТОЛГIАЧУ (IАШУРАЪ) ДИЙНАХЬ А МАРХА КХАБАРАН ДОЗАЛЛА.pdf
2.
МУХЬАРРАМ БАТТАХЬ А, ЦУ БЕТТАН ИТТОЛГIАЧУ (IАШУРАЪ) ДИЙНАХЬ А МАРХА КХАБАРАН ДОЗАЛЛА
1.1 MB
: МУХЬАРРАМ БАТТАХЬ А, ЦУ БЕТТАН ИТТОЛГIАЧУ (IАШУРАЪ) ДИЙНАХЬ А МАРХА КХАБАРАН ДОЗАЛЛА.doc
คำอธิบายโดยละเอียด

Мухьаррам баттахь марха кхабаран дозалла

Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Абу ХIурайратера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Рамадан баттал тIаьхьа уггар деза марха АллахIан бутт мухьаррам (баттахь марха) кхабар ду, парз ламазал тIаьхьа уггар деза ламаз буьйсанна дина ламаз ду».

Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элчане хаьттинера – «парз ламазал тIаьхьа уггар деза ламаз а муьлхарг ду, рамадан баттал тIаьхьа уггар деза марха а муьлхарг ду?» - аьлла, тIаккха цо жоп делира: «Парз ламазал тIаьхьа уггар деза ламаз буьйсанан юккъахь динарг ду, рамадан баттал тIаьхьа уггар деза марха АллахIан мухьаррам баттахь марха кхабар ду».

Имам Тирмизийс дийцина, СаIд ибн Iалийга – Дела реза хуьлда цунна – цхьамма хаьттина хиллера аьлла – «Рамадан баттал тIаьхьа муьлха баттахь марха кхаба эр дара ахь соьга?» - тIаккха цо элира: «ХIара хаттар, со Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчахь хиъна Iаш а волуш, цуьнга цхьана стага хоттуш бен кхин цхьамма а хоттуш хезна дац суна. Цо цуьнга элира: «ХIай Делан Элча! Рамадан баттал тIаьхьа муьлха баттахь марха кхаба эр дара ахь соьга?» Цо элира: «Рамаданал тIаьхьа айхьа марха кхобуш хилахь, мухьаррам баттахь кхаба ахь, бакъдолуш иза АллахIан бутт бу хьуна, цу беттан чура цхьана дийнахь Цо цхьана нехан тоба къобал а дина, цхьаболчу кхечеран тоба къобал а до».

 

Iáшýрáъ дийнахь марха кхабаран дозалла

Имам Бухарис а, Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Iаббасан кIантера IабдуллахIера – Дела реза хуьлда цаьршинна – схьа, цо аьлларг: «Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Мединате веанчу хенахь, жуьгтий Iáшýрáъ дийнахь марха кхобуш карийра цунна. Цо элира: «ХIара хIун ду (хIунда кхобу аш)?» Цара элира: «ХIара дика де ду, хIара АллахIа Исрáилан кIентий церан мостагIах кIелхьара баьхна де ду, цундела Мусас кхаьбна хIара». ТIаккха цо элира: «Со шул алсам хьакъ долуш ву Мусанаца». ТIаккха цо марха кхебира цу дийнахь, кхечаьрга а кхаба аьлла омру дира».

Имам Бухарис а, Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iáшýрáъ дийнахь марха кхаба аьллера, тIаккха рамадан бутт парз бинчул тIаьхьа шена луучо кхобура иза, шена ца луучо ца кхобура».

Имам Бухарис а, Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Iаббасан кIантера IабдуллахIера – Дела реза хуьлда цаьршинна – схьа, цо аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхечу деношна тIехь даздеш, дита ца дуьтуш марха кхаба гIерташ гина вац суна, хIокху Iашýрáъ дийнахь а, хIокху рамадан баттахь а санна».

Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Iаббасан кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iáшýрáъ дийнахь марха кхаьбча, цо иза кхаба а аьлча, цуьнга элира: «ХIай Делан Элча! И де жуьгташа а, керстанаша а даз деш де ду». ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Дала мукъа лахь, тIедогIучу шарахь тáсýIáъ а кхобур ду вай». Ткъа и керла шо тIе ца деара, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIакхелхинчул тIаьхьа бен».

Имам Муслима дийцина, Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iáшýрáъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттича, цо элира аьлла: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойъу цо (каффарат ду иза)».

Имам Муслима а, кхечара а дийцинчу хьадисехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Iáшýрáъ дийнахь марха кхабар – ас дог доху, АллахIа цуьнца цул хьалха хиллачу шеран къинош дIадайъарга».

Оцу хьадисаша вайна гойту, Iáшýрáъ дийнахь марха кхабар суннат хилар а, иза кхабар деза хилар а.

 

Мухьаррам беттан масолгIа де ду Iáшýрáъ?

Имам Тирмизийс дийцина, Iаббасан кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iáшýрáъ дийнахь марха кхаба элира, (мухьаррам беттан) иттолгIачу дийнахь».

 

Iáшýрáъ дийнаца цхьаьна кхаба деза денош

Имам Муслима а, кхечара а дийцина, Iаббасан кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iáшýрáъ дийнахь марха кхаьбча, цо иза кхаба а аьлча, цуьнга элира: «ХIай Делан Элча! И де жуьгташа а, керстанаша а даз деш де ду». ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Дала мукъа лахь, тIедогIучу шарахь тáсýIáъ а кхобур ду вай». Ткъа и керла шо тIе ца деара, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIакхелхинчул тIаьхьа бен».

Имам Ахьмада дийцина, Iаббасан кIантера IабдуллахIера – Дела реза хуьлда цаьршинна – схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Iáшýрáъ дийнахь марха кхаба аш, жуьгташ кхобучунах тар а ма ло шу – цул хьалха цхьа де кхаба, йа цул тIаьхьа цхьа де кхаба».

Оцу шина хьадисо ма-гайттара, жуьгташа а, керстанаша а марха кхабарх тар ца валархьама, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша тIедогIучу шарахь иттолгIачу денца цхьаьна иссолгIа де кхобур ду аьлла цхьана хьадисехь, делахь а иза кхабале дIакхелхина иза – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ткъа шолгIачу хьадисехь йа цул хьалхара цхьа де кхаба, йа цул тIаьхьара цхьа де кхаба аьлла цо. Цундела, Iелам-наха аьлла: Iáшýрáъ дийнахь марха кхабар кхаа даржехь ду:

1 – Iáшýрáъ ша цхьаъ кхабар.

2 – Iáшýрáъ а, цуьнца цхьаьна йа хьалхара, йа тIаьхьара цхьа де кхабар.

3 – Iáшýрáъ а, цуьнца цхьаьна цул хьалахара а, цу тIаьхьара а ши де кхабар.

Нагахь санна цуьнца цхьаьна цхьа марха бен кхобур дацахь, цуьнца цул хьалхарниг кхабар гIолий ду, лаахь тIаьхьарниг кхаба а мегаш ду. Цул хьалхара а, цул тIаьхьара а кхабар кхин а дика ду, хIунда аьлча оцу беттан кхо де кхаьбнарг хир ву иза тIаккха.[1]



[1] «Фатхьул-Бáрú», 6/280, Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий; «МаджмуIу Фатава ва Росаил Ибн Ал-Iусаймин», 20/18, Ибн Ал-Iусаймин.

 
Go to the Top